Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Кхечу буьйсанашна юкъара пIераскан буьйса къаста ма йойла аш ламазана, кхечу деношна юкъара пIераскан де а къаста ма дойла аш мархийна. Нагахь санна шух цхьаъ шен хьалхе дуьйна цхьа марха кхобуш велахь мегар ду пIераскана дийнахь и марха кхаба».
/Муслим./
Кхин а аьлла цо (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Шух цхьамма пIераскана дийнахь марха ма кхобийла, цул хьалха цхьа де, йа цул тIаьхьа цхьа де кхаьбна бен»
./Бухарий, Муслим/
Джувайрийата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) ша йолчу чу веара аьлла, пIераскана дийнахь, ша марха кхобуш а йолуш. ТIаккха цо цуьнга аьлла: «Селхана марха кхебирий ахь?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Цо хаьттина: «Кхана марха кхаба лууш юй хьо?». Цо аьлла: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Делахь, даста хьайн марха». Цо иштта омру дича, марха дохийна цо.
Бухарий
Дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву!